25 Аперль

25.04.2026
Ассаламу 1алайкум! Ас даггара декъалдо вайн къам Нохчийн меттан денца! Вайн Мехк-Дех Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанах вайн махкана а, вайн къомана а, Делан къинхетамца, даьллачу беркатех цхьа беркат ду вай тахана, 25 апрелехь, даздеш дерг –  Нохчийн меттан де! «Нохчийн къам дийна хиларан мокхазан ч1аг1о ю ненан мотт» – т1улга т1е яздина йоза санна, нохчийн иэсан тептар т1е д1аяздина ду Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров 1абдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжин дешнаш. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 25 апрель-Нохчийн меттан Де аьлла, къастийнчу шарахь дуьйна, хӀора шарахь нохчийн къоман синкхетам шорлуш, лакхаболуш бу. Б1аьстенан зазанца хазлучу махках терра хуьлу Нохчийн Мохк 25 апрелехь!