Нохчийн меттан шарна леринчу «Нохчийн меттан говзанча» цӀе йолчу республикин къовсам.

13.02.2023
Къовсаман Ӏалашо:
– нохчийн мотт Ӏалашбар а, кхиор а, цуьнан сий лакхадаккхар а, Нохчийн Республикин пачхьалкхан мотт а, нохчийн историн, культурин синъоьздангалле кхачоран гӀирс а иза хиларе терра.
Къовсаман декъашхой
 Къовсамехь дакъалаца йиш йу нохчийн маттах долу шен хаарш зен луучу муьлххачун а (декъашхочун хан а, белхан меттиг а, доьшуш хилар а, и. д. кх. а тидаме оьцуш дац).